#azx_azx_
Explore tagged Tumblr posts
azxxxzx · 8 months ago
Text
Ма деса техкийна хилла хьан ага
Воккханиг т1евеъча, хьо г1оттуш вацахь,
Хьехаме ладог1а хьан собар дацахь,
Харцонах бакъдериг къасталуш вацахь,
Ма деса техкийна хилла хьан ага.
Диканиг хаставан догц1ена вацахь,
Сонтаниг сацаван доьналла дацахь,
Аьшпашца хьарамниг хьо гулдеш велахь,
Ма деса техкийна хилла хьан ага.
Махкаца, халкъаца бала хьан бацахь,
Ненан мотт Іалашбан нохчалла яцахь,
Моттарг1ийн шалхонаш хьо мегаш велахь,
Ма деса техкийна хилла хьан ага.
Да-нана Іалашдан кинхетам бацахь,
Доттаг1чун сий лардан тешаме вацахь,
Г1ийлачун дог эца адмалла яцахь,
Ма деса техкийна хилла хьан ага.
Диканиг схьалаца лаам хьан бацахь,
Вочунах хервала кхетам хьан бацахь,
Бахьанаш леллол бен дин хьоьгахь дацахь,
Ма эрна техкийна хилла хьан ага
0 notes